Кипин хьалхара кехат 2

1Муьлхха а вон, харцдерг, шалхо, хьагІ, лер дІадаккха! 2Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цІеначу дашах хьага, цуьнан гІоьнца шу даккхий а хилла, шун кІелхьардовлар чекхдалархьама, 3хІунда аьлча «Веза Эла мел дика ву шуна хиъна». 4Цунна тІе дуьйла. Наха дІатесна болу дийна ТІулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу. 5Шу шаьш а ду дийна тІулгаш. Шайх синан цІа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла лууш долу синан сагІанаш даха. 6ХІунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь: «Ас Цийон-лам тІехь охьабуьллу са болу, къастийна, беза тІулг. Муьлхха а Цунах тешаш верг юьхьІаьржачу хІуттур вац». 7Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхІар ду, ткъа ца тешачарна: «ГІишлош еш пхьераша дІакхоьссина тІулг цІийнан сонан йистехь коьрта тІулг, хилла, дІахІоьттина». 8Кхин а: «Нах тасаболуьйтун болу тІулг бу иза, уьш охьаоьгун болу тарх а ю иза». Делан Дашна муьтІахь ца хиларна тийсало – иштта кхоллам бу церан. 9Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гІуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама. 10«Цхьана хенахь халкъ дацара шу, ткъа хІинца Делан халкъ ду. Цхьана хенахь шух бина къинхетам бацара, ткъа хІинца Дала къинхетам бина шух». 11Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тІом бечу дегІан лаамех ларлолаш. 12Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тІаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гІуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь. 13Везачу Элан дуьхьа адамна тІехь урхалла дечу Іедална муьтІахь хилалаш: паччахьна, хІунда аьлча цуьнгахь лаккхара Іедал ду, 14куьйгалхошна, хІунда аьлча уьш зуламхошна таІзар дан а, дика гІуллакх дечарна совгІат дала хІиттийна бу. 15ХІунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гІуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дІасовцадо. 16ПаргІат даха, амма цу паргІатона тІехьа а лечкъаш, вон гІуллакхаш ма леладе, хІунда аьлча шу Делан леш ду. 17Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де. 18Леш, шайн элашна хила ма-деззара муьтІахь хила, шайца дика а, эсала а болчарна хилла ца Іаш, шайца буьрса болчарна а. 19Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таІзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш. 20ХІун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таІзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду. 21Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тІаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву. 22«Цо цхьа а къа а ца латийна, Цуьнан багара харц дош а ца даьлла». 23Ша сийсазвича, Цо дуьхьал вон дош ца олура, Ша бала ловчу хенахь, кхерамаш ца туьйсура, амма нийсо ечу Кхелахочун кара Ша дІалора. 24Шен дегІаца вайн къинош жІара тІе даьхьна Цо, вай къинойх къаьстина, цІена дахийтархьама. Цуьнан чевнаш бахьана долуш дарба хилла шуна. 25Цхьана хенахь, тиладелла уьстагІий санна, лелла шу, ткъа хІинца шу шайн синойн Іуьнна а, шаьш Іалашдечунна а тІе юхадаьхкина.

will be added

X\