1 Яхьъяс 4

1Сан хьоменаш! Муьлх-муьлххачу а синах ма тешалаш, амма и синош таллалаш, уьш Делера дуй те а хьожуш. ХІунда аьлча дуьнен чохь дукха харцпайхамарш баьржина. 2Делан Са иштта къасталур ду шуьга: Дала леррина къобалвина Іийса, адам санна, веана хилар къобалдо са – Делера ду. 3Ткъа Іийса къобалвеш доцу са – Делера дац, иза – Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал волчун са ду. Шуна хезна, иза догІур ду аьлла, иза хІинцале а долуш а ду дуьнен чохь. 4Сан хьоме бераш! Шу Делера ду. Шу тоьлла харцпайхамарел, хІунда аьлча шуьца Верг нуьцкъала ву кху дуьненахь олалла деш волчул. 5Уьш кху дуьненара бу, цара а кху дуьненара болчара боххург боху, дуьнено ла а дугІу цаьрга. 6Амма вай Делера ду. Дела шена вевзачо вайга ла а дугІу. Ткъа ша Делера воцучо вайга ла ца дугІу. Иштта къастало вайга билггал бакъдолу са а, адам тилош долу са а. 7Сан хьоменаш! Вай вовшийн дезийла, хІунда аьлча безам Делера бу. ХІора шеца безам болуш верг Делах схьаваьлла ву, цунна Дела а вевза. 8Шеца безам боцучунна Дела ца вевза, хІунда аьлча Дела Ша а безам бу! 9Дала Шен вайга болу безам гайтина, Шен цхьаъ бен воцу КІант кху дуьнен чу а ваийтина, Цуьнгахула вайн бакъдолу дахар хилийтархьама. 10Бакъболу безам иштта бу: вайна Дела везар бахьанехь а доцуш, амма Далла вай дезарна, Цо Шен КІант ваийтира вайн къинош дІадахаран сагІа санна. 11Сан хьоменаш! Далла вай оццул дукха дезаш хилча, вай вовшийн дезаш хила а деза. 12Дела цхьанна а, цкъа а гина вац. Амма вайна вовшийн дезаш хилча, Дела Ша а вайца ву, ткъа вайна чохь Цуьнан безам а билггал буьззина бу. 13Вайн Делаца хилар а, Иза вайца хилар а вайна хаьа, Цо вайх Шен Синан декъашхой дина дела. 14Ткъа вайна ган а гира, вай тоьшалла а до Дас Шен КІант дуьнен чуьра адамаш КІелхьардохург санна ваийтина хиларх. 15Нагахь цхьаммо Іийса Делан КІант хиларх тоьшалла дахь, цуьнца Дела а ву, ткъа иза Делаца а ву. 16Ткъа вайна Делан ваьшга болу безам бовза а бевзина, вай цунах теша а тешна. Дела Ша а безам бу. Безамца верг Делаца а ву, Дела цуьнца а ву. 17Вайна чохь безам буьззина хилар иштта гучудолу: вай къематан дийнахь доьналла долуш хир ду, вай кху дуьнен чохь Иза санна лела дела. 18Безамца кхерам а бац. Ткъа буьззина бакъболчу безамо кхерам дІатотту, хІунда аьлча кхерам гуттар а таІзарца боьзна хуьлу. Кхоьруш волчун буьззина бакъболу безам бац. 19Вайна Иза веза, дуьххьара Цунна ваьш дезна дела. 20Суна Дела веза а бохуш, ткъа шен динан ваша цавезарг аьшпаш буттуш ву. ХІунда аьлча шена дуьхьал лаьтташ волу шен динан ваша цавезачунна, шена гуш воцу Дела а везалур вац! 21Цо вайна дитина долу весет иштта ду: «Дела везаш верг шен динан ваша а везаш хила веза».

will be added

X\