1 Яхьъяс 3

1Хьовсийша, мел кІоргге дезна вай стигаларчу Дена. Вайх Делан бераш ду аллал боккха бу Цуьнан безам. Иштта, вай билггал Цуьнан бераш ду. Амма дуьненна вай ца девза, хІунда аьлча стигалара Да ца вевзина цунна. 2Сан хьоменаш! ХІинца вай Делан бераш ду, амма кхул тІаьхьа вайх муьлш хир ду цкъа хІинца а дІа ца делладелла вайна. Вайна хаьа, Дала леррина Къобалвинарг веанчу хенахь, вай а Цунах терра хир дуй, Иза Ша ма-варра вайна гун волу дела. 3Иштта Цунах сатийсар долуш Іаш волчу хІораммо а ша цІанво, И санна цІена хилархьама. 4Къинош летош мел верг Іеса лелаш ву, ткъа къинош летор Іесалла ду. 5Шуна ма хаьа, Иза къинош дІаэцархьама веана хилар. Ткъа Цуьнца шеца-м къинош дан а дац. 6Цуьнца волчо цхьаммо а къа ца латадо. Ткъа къа латош болчех цхьанна а Иза ган а ца гина, Иза вовза а ца вевзина. 7Сан хьоме бераш! Цхьаммо а нийсачу новкъа тІера шу дІа ма дохийла! Делан лаамехь лелаш верг – Делан лаамехь ву, Дала леррина Къобалвинарг а Делан лаамехь ма-хиллара. 8Къа латориг иблисах схьаваьлла, хІунда аьлча иблисо юьхьанца дуьйна а къа латадо. Цундела Делан КІант веана цу иблисан гІуллакхаш дохорхьама. 9Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хІух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало. 10Делан бераш а, иблисан бераш а вовшах иштта къастало. Делан лаамехь мел воцург а, шен динан ваша цавезарг а Делан бер дац. 11Юьххьехь дуьйна а вайна кхайкхийна болу хаза кхаъ вай вовшийн дезаш хила деза аьлла бу. 12Кхаим санна ма хилалаш, иза иблисан долахь а вара, цо шен ваша а вийра. Ткъа хІунда вийра цо иза? Шен гІуллакхаш зуламе хилла дела, ткъа цуьнан вешин гІуллакхаш Делан лаамехь долу гІуллакхаш хилла дела. 13Динан вежарий, цец ма дийлалаш, нагахь дуьненна шаьш ца дезалахь. 14Вайна-м хаьа, ваьшна динан вежарий беза дела, вай, деллачуьра ден а делла, бакъдолчу дахаре девллийла. Ткъа шен ваша цавезарг хІинца а Іожаллин карахь ву. 15Шен динан ваша цавезарг адам дуьйш верг санна ву. Ткъа шуна-м хаьа, адам дуьйш долчу цхьана а адаман Делаца долу дахар ца хуьлийла. 16Амма Іийсас вайн дуьхьа Шен са дІадалар бахьанехь, бевзина вайна безам. Вай а кийча хила деза вешан динан вежарийн дуьхьа са дІадала. 17Нагахь цхьаннан, ша дика хьал долуш вехаш воллушехь, халла воллучу шен веше къинхетам бацахь, тІаккха Делан безам муха хир бу цуьнца? 18Сан хьоме бераш! Дашца а, маттаца а доцуш, гІуллакхца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а дезийла вайна вовшийн. 19Иштта вайна хаа тарло, ваьш билггал бакъдолчух дуйла. Цундела Цунна хьалха вешан дегнаш тедан тарло вай, 20вешан дегнаша вайна кхел еш елахь а. Дела вайн дегнел а сов ву, Цунна дерриг а хаьа. 21Сан хьоменаш! Нагахь санна вайн дегнаша ваьшна кхел еш ца хилча, Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. 22ТІаккха, Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Делан лаамехь вай леларна, хІуъа а вай дехнарг лур ду Цо вайна. 23Ткъа Делан весет ду: Цуьнан КІант волчу, Цо леррина къобалвинчу Іийсан цІарах а тешаш, Цо вайна тІе-ма-диллара, вайна вовшийн дезар. 24Делан весеташ кхочушдеш верг Делаца ву, Дела а ву цуьнца. Ткъа Иза вайца хилар вайна хаьа, Цо вайна деллачу Синехула.

will be added

X\