1 Яхьъяс 2

1Сан хьоме бераш, шуьга къинош ца летадайтархьама яздо ас хІара кехат. Ткъа нагахь цхьаммо къа латадахь, стигаларчу Дена хьалха лаьтташ волу ГІодийриг ву вайн: Дала леррина къобалвина Іийса – Делан лаамехь Верг. 2Иза вайн къинош дІадахаран сагІа ду. Ткъа и сагІа, вайн къиношна тІера тоьъна а ца Іаш, дуьнен чуьра массо а адамийн къиношна тІера тоьар ду. 3Ткъа вайна Дела вевзина хиларан тоьшалла до вайна Цо тІедехкина парзаш вай лардаро. 4Шена Дела вевза а бохуш, парзаш лардеш воцург харцлуьйш а ву, цуьнца бакъдерг а дац. 5Ткъа Делан дош лардеш волчунна чохь Делан безам билггал буьззина бу. Вай билггал Делаца хиларан билгало иштта ю: 6шен Делаца уьйр ю бохург Іийса ма-леллара лела веза. 7Сан хьоменаш! Ас шуьга яздийриг керла парз дац – иза, баккъалла а аьлча, шира парз ду, юьхьанца дуьйна а шуна Дала делла долу. Шира парз – Дош ду, шуна хезна долу. 8ХІетте а аса яздийриг керла парз хета мега. Дала леррина Къобалвинчо а, аша а гойту иза бакъ хилар, хІунда аьлча бода дІаболу, ткъа билггал йолу серло хІинцале а къегаш ю. 9Ша серлонгахь лела а бохуш, ткъа шен динан веше цабезам берг хІинца а боданехь лела. 10Ткъа шен динан вежарий безаш верг серлонгахь Іаш ву – стаг галволуьйтуш дерг а дац цуьнца. 11Амма шен динан ваша цавезарг боданехь ву. Иза боданехь лела гІерташ ву. Цунна шена а ца хаьа, ша мича воьду, хІунда аьлча цу бодано иза бІарзвина. 12Ас яздо шуьга, сан хьоме бераш, Дала леррина Къобалвинчо динарг бахьана долуш шун къиношна гечдина дела. 13Ас яздо шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевза дела. Ас яздо шуьга, къонахошка, иблисал шу тоьлла дела. 14Ас яздина шуьга, сан динан бераш, стигалара Да шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, дайшка, юьхьанца дуьйна волуш Верг шуна вевзина дела. Ас яздина шуьга, къонахошка, шу доьналла долуш долу дела а, Делан Дош шун даг чохь лаьтташ долу дела а, иблисал шу тоьлла долу дела а. 15ХІара дуьне а, цунна чохь мел дерг а ма дезалаш! Нагахь санна цхьаъ хІара дуьне дезаш велахь, стигаларчу Ден безам цуьнца бац. 16ХІара ду дуьнен чохь мел долу хІума: къилахь болу лаамаш хилар, адамийн цхьана хІуманна бІаьрган хьагам хилар, адамаша шайн долчух а, шаьш динчух а куралла яр. Ткъа стигалахь волчу Дегара дац уьш – кху дуьненара ма ду и дерриге а. 17Дуьне а, дуьненан лаамаш а дІабевр бу, ткъа Делан лаам кхочушбеш мел волчун хедар доцу дахар ду. 18Сан динан бераш! ХІара кху дуьненан тІаьхьара зама ю. Шуна хезнера, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг вогІур ву аьлла. Ткъа хІинцале а дукха баьржина Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал берш. Цунах хаьа вайна, хІара билггал тІаьхьара зама юйла. 19И дуьхьал берш, цкъа вайн гуламна юкъахь а хилла, хІинца вайна юкъара дІабевлла. Бакъдерг аьлча, уьш цкъа а бацара вайна юкъабогІуш. Нагахь уьш билггал вайна юкъара хиллехьара, уьш вайца буьсур бара. Амма уьш вайна юкъара дІабовларо гойту, царах цхьа а билггал вайна юкъавогІуш ца хилар. 20Ткъа шу Дала Вазвинчо къобалдина ду, цундела шуна массарна а бакъдерг хаьа. 21Шуна билггал долу бакъдерг ца хаьа аьлла, ца яздо ас шуьга. Мелхо а, ас яздо шуьга, шуна и бакъдерг хаьа дела а, иштта цу бакъдолчуьнца цхьа а харцдерг доцийла шуна хаьа дела а. 22Ткъа мила ву уггар харцлуьйриг? Иза ву Іийса Дала леррина Къобалвинарг хилар тІе ца лоцург. Иштта стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг ву – стигалара Да а, Делан КІант а тІе ца лоцу цо. 23Делан КІант къобал ца вечу хІораммо а стигалара Да а къобал ца во. Ткъа Делан КІант къобалвечо стигалара Да а къобалво. 24Шайна юьхьанца дуьйна хезнарг даим а латтаде шайн даг чохь. Нагахь санна иза иштта хилахь, Делан КІантаца а, Цуьнан Деца а йолу шун уьйр даим а лаьттар ю. 25Ткъа Цо вайна лур ду аьлла ваІда ду: хедар доцу дахар. 26ХІара ас яздина шу ледан лууш болчарах лаьцна шуьга дІахьедан. 27Амма шу Делан КІанта къобалдина ду, ткъа иза шуьца дуьсу. Цундела шуна кхин хьехархо ца оьшу – цу къобалдаро шуна дерригенах лаьцна хьоьху. Ткъа иза харц дац – иза билггал бакъдерг ду. Иштта, Дала леррина Къобалвинчуьнца хила даим а, Цо шайна ма-хьеххара. 28Иштта, сан хьоме бераш, кхидІа а хилалаш Цуьнца, Иза веанчу хенахь шаьш доьналла долуш хилийта а, Цунна хьалха шайна эхь ца хетийта а. 29Нагахь шайна Иза Делан лаамехь Верг вуй хууш хилча, хаалаш, хІора Делан лаамехь лелаш верг Делах схьаваьлла вуйла а.

will be added

X\