IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

1 Яхьъяс 1 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бІаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Іотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара.   2  И дахар гучудаьлча, тхуна иза гира. Цундела цу бакъдолчу дахарх тоьшалла а до, кхайкхам а бо оха. И дахар стигаларчу Дегахь дара, ткъа хІинца тхуна довзийтина иза.   3  Тхайна гиначух а, хезначух а лаьцна хаам бо оха шуьга. Оха и дуьйцу, шун а тхоьца уьйр-марзо хилийтархьама. Ткъа тхан уьйр ю Деца а, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КІантаца Іийсаца а.   4  ХІара яздо оха, вайн хазахетар кхоччуш дуьззина хилийтархьама.   5  Тхуна Цуьнан КІантера хезна болу а, оха шуна дІакхайкхош болу а кхаъ хІара бу: Дела – серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац.   6  Нагахь санна Делаца уьйр ю а бохуш, боданехь лелахь, вай аьшпаш а бутту, бакъдолчуьнца а ца лела.   7  Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КІант волчу Іийсан цІийно вай массо а къинойх цІандо.   8  Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тІаккха вай цу дешнашца ваьш Іехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац.   9  Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.   10  Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тІаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац.