1 Коринтхошка 9

1Со паргІат вац ткъа? Со векал а вац ткъа? Суна гина вацара вайн Веза Эла волу Іийса? Шу дац ткъа Везачу Эло соьгахула къахьегарца Цунна тІе далийнарш? 2Кхечарна со векал вацахь а, шуна ма ву со векал. ХІунда аьлча со векал хиларан тоьшалла ду – шу Везачу Элаца хилар. 3Сайн мах хадош болчарна дуьхьал даккха хІара ду сан. 4Яа а, мала а бакъо йоцуш-м дац тхо? 5Кхиболчу векалша а, Іийсан нанас бинчу кхечу вежарша а, Кипас а санна, динан йижарех цхьацца тхаьшна яла а йина, тхайца цхьаьна уьш бига бакъо яцара тхан а? 6Я аса а, Бар-Нааба а бен болх бан безаш бацара ткъа? 7Муьлххачу тІемалочо, ша эскарехь гІуллакх дечу хенахь, ша-шен гІайгІа бо? Муьлхачу кемсашлелорхочо, кемсаш дІа а йоьгІна, церан стоьмаш ца боу? Муьлхачу Іуьно шен жена юкъарчу жийно елла шура ца молу? 8Адамаша олучу тайпана хилла Іай те аса бохург? Изза ца боху товрат-хьехамаша а? 9ХІунда аьлча Муса-пайхамаран товрат-хьехамаш тІехь яздина ду: «Оручу стеран бага дІа ма къовла». Стерчийн бала кхаьчна аьллий те Дала иза? 10Вайн бала а кхаьчна, ца боху ткъа Дала иза? Дера боху вайна диканна, хІунда аьлча охана деш волчо а, оруш волчо а къахьоьгу, шаьш бинчу белхан дакъа шайна кхачаран дегайовхо йолуш. 11Шун синошна оьшуш долу хІу оха тесна хилча, тІех зен дой те оха шуна, тхайн дегІана оьшуш долу ялта шуьгара хьаькхча? 12Кхечеран а шуна юкъахь иштта бакъонаш хилча, ткъа тхан церан чул а сов яц и бакъонаш? Амма оха, мелхо а, тхайн оцу бакъонашка а ца хьоьжуш, тхайна тІе мел деанарг лов, Дала леррина Къобалвинчух лаьцна болу хаза кхаъ дІакхайкхош, тхайгахьара цхьа а новкъарло ца хилийтархьама. 13Шуна хууш дац ткъа, Делан цІийнан кертахь гІуллакх деш берш цига еанчух бехаш хилар? Ткъа сагІа доккхучу кхерчана тІехь гІуллакх деш болчара а цу сагІина деанчух дакъа шайна дІаоьций? 14Иштта хаза кхаъ кхайкхош болчарах лаьцна Везачу Эло тІедиллина, хаза кхаъ кхайкхош кхаьчначух баха беза уьш аьлла. 15Амма аса-м цу бакъонех цхьа а сайн дуьхьа аьлла схьа ца эцна. Сайн бала а кхаьчна, и бакъонаш сайна оьшучунна хилийтархьама яздина дац аса хІара дешнаш. Суна валар а гІолехь ду-кх, сан и дозалла дан йиш хилар цхьаммо соьгара дІадоккхучул. 16Айса хаза кхаъ кхайкхош бу аьлла, цхьа а дозалла ца до ас, хІунда аьлча иза сан декхар ду. Ма декъаза хир вара со, аса хаза кхаъ кхайкхош бацахьара! 17Аса, сайн лаам а болуш, и гІуллакх деш делахьара, Делера совгІат хир дара суна. Ткъа сайн лаамехь а доцуш, аса иза деш хилча, тІаккха сайна тІедиллина долу гІуллакх кхочушдо аса. 18Ткъа сан совгІат муьлха ду? Айса хаза кхаъ дІакхайкхабарна дуьхьал хІумма а ца дехар. Цу тайпана, айса хаза кхаъ кхайкхочу гІуллакх тІехь сайна йогІуш йолчу бакъонех цхьа а ца лелийна аса. 19Массарах а паргІат воллушехь, массарна а хьалха лолла вахана со, царах дукхахберш тІеберзорхьама. 20Жуьгтий болчохь со жуьгти санна вехира, уьш Дала леррина Къобалвинчунна тІеберзорхьама. Товрат-хьехамийн бакъонаш ларъеш болчаьрца а бакъонаш ларйийриг санна вехира со, уьш а Цунна тІеберзорхьама, цу бакъонийн лаамехь со воццушехь. 21Товрат-хьехамийн бакъонаш лар ца еш болчаьрца – и бакъонаш лар ца еш верг санна хуьлура со, уьш а Цунна тІеберзорхьама. ХІетте а, Делан бакъонаш лар ца еш-м ца лелара со, Дала леррина Къобалвинчун бакъонашна со муьтІахь волу дела. 22Тешарехь чІагІбелла боцучаьрца чІагІвелла воцург санна хуьлура со, уьш тешарехь чІагІбархьама. Массарна а хьалха массо а санна хуьлура со, сайн мел долчу хьуьнаршца, царах цхьаберш баьхна а, кІелхьарбахархьама. 23И дерриг а хазачу кхоан дуьхьа до аса, со а цунах хиндолчу диканан декъахь хилийтархьама. 24Шуна хууш дац къовсадаларшкахь бовдучу хенахь массо а цхьатерра бовдий, амма совгІат царах цхьанна бен ца лой? Цундела шаьш довда ма-дезза довдалаш, и совгІат шайна кхачийтархьама. 25Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хІуманна тІехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дІадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама. 26Цундела со, шена хьалха цхьа Іалашо хІоттийна воцург санна, вада а ца воду, хІаваана куьг детташ верг санна, лата а ца лета. 27Мелхо а, аса, сайн дегІ кхоа а ца деш, цунна тІехь олалла до, кхечарна хаза кхаъ а кхайкхийна, со юьстахваьлла ца висархьама.

will be added

X\