1 Коринтхошка 7

1Аша соьга яздинчух лаьцна аьлча, аша боху: «Стагана зудчух ца хьакхавелча гІолехь ду». 2Амма сийсазваьлла ца лелархьама, хІора стеган а шен долахь зуда хила еза. ХІора зудчун а шен майра хила веза. 3Майрачо шен зудчун дегІан лаам кхочушбан беза. Иштта зудчо а кхочушбан беза майрачун дегІан лаам. 4Зудчун дегІ цуьнан шен долахь дац, иза майрачун долахь ду. Цу тайппана майрачун дегІ а цуьнан шен долахь дац, иза цуьнан зудчун долахь ду. 5Вовшашца бинчу бартаца шаьш доІа дан лоруш билгалъяьккхинчу ханна бен, вовшех ма къахка. Цул тІаьхьа юха а цхьаьна хила, шун собар цахиларехула иблисе шаьш ца зейтархьама. 6Иза аса шуна тІе ца дуьллу, амма иза иштта хилча магош долу хІума ду аьлла боху аса. 7Суна-м массо а адам со санна хила лаьара, делахь а хІоранна а Дала шен-шен похІма делла: цхьанна – цхьаъ, вукхунна – важа. 8Ткъа зударий белла бисинчаьрга а, бисина Іаш болчу зударшка а аса боху: «Царна со санна Іер гІолехь ду». 9Амма шаьш иштта ца Іалахь, цара зуда яло еза. ДегІан лаамашка ша хьийза а войтуш вехачул, зуда ялаяр гІолехь ду. 10Зударий балийначарна а, маре баханчарна а аса тІедуьллу (ткъа иза соьгара сайгара дац, амма Везачу Элера ду), зуда шен майрачух дІа ма къаста аьлла. 11Ша дІакъастахь, я кхин маре ма де, я шен майрачуьнца барт а бина, цуьнга юхагІо. Ткъа майрачо а шен зуда ма йита. 12Ткъа кхидолчу адамашка аса боху (иза Везачу Элера а доцуш, сайгара ду), нагахь динан вешин Іийсах тешар доцу зуда елахь, иза цуьнца яха реза а елахь, цу зудчух дІакъаста ца веза и стаг. 13Иштта, Іийсах тешаш йолчу зудчун тешар доцу майра велахь, амма иза цуьнца ваха реза велахь, шен майрачух дІакъаста ца еза и зуда. 14ХІунда аьлча тешар доцу майра тешар долчу зудчуьнгахула вазво. Ткъа тешар доцу зуда а язйо тешар долчу цуьнан майрачуьнгахула. Иза иштта ца хилча, церан бераш Далла хьалха цІена хир дацара, ткъа хІинца уьш Дала даздина ду. 15Нагахь Іийсах тешар доцург шен зудчух дІакъаста лууш велахь, я иштта тешар доцу зуда майрачух дІакъаста лууш елахь, уьш дІакъастийта. ХІунда аьлча я динан ваша а, я динан йиша а оцу гІуллакхна дихкина дац. Везачу Эло вай вовшашца бертахь дахаре ма кхайкхина. 16Хьанна хаьа, зудчо шен майра кІелхьарваккха а ма тарло. Я стага а шен зуда кІелхьаръяккха мега. 17ХІорра а стаг шена Дала билгалдаьккхинчу тайпана ваха веза, ша Везачу Эло тІекхайкхинчу дахарехь виса веза. Изза тІедуьллу аса массо а динан тобанашна а. 18Нагахь Дала керлачу дахаре тІекхайкхале хьо сунтвина хиллехь – и билгало дІаяккха ма гІерта. Ткъа нагахь хьо цу хенахь сунтвина ца хиллехь – сунтвайта ца оьшу. 19Сунтвина хилар а, сунтваза хилар а – хІумма а доцург ду. Ткъа цул а коьртаниг ду Делан парзаш кхочушдар. 20ХІорра а, Дала керлачу дахаре тІекхайкхале, ша хиллачу хьолехь виса веза. 21Нагахь цу хенахь хьо лай хиллехь, хІумма а дац, цунах оза ма ло. Амма паргІатвала хьайн аьтто белахь, паргІатвала а хьажа. 22ХІунда аьлча Везачу Эло керлачу дахаре тІекхайкхинчул тІаьхьа лай Везачу Элана хьалха паргІат ву. Ткъа тІекхайкхале паргІат хилларг – хІинца Дала леррина Къобалвинчун лай ву. 23Шайх адамийн леш ма хилийталаш, хІунда аьлча шух беза мах белла. 24Динан вежарий! Далла хьалха хІорра а Везачу Эло керлачу дахаре тІекхайкхале ша хиллачу хьолехь виса. 25Ткъа зуда ялоза я маре бахаза болчаьрга, Везачу Эло тІедиллина ду аьлла, тІетоха хІумма а дац сан. Амма Везачу Эло сох къинхетам барна, тешаме хила таро йолчу аса сайна хетарг боху. 26Суна схьахетарехь, адаман хІинца хуьлуш болу массо а баланашка хьаьжча, цунна ша хІинццалц хиллачу хьолехь висар гІолехь ду. 27Айхьа зудчуьнга захало дийцинехь, цунах дІакъаста ма гІерта. Ткъа айхьа зудчуьнга захало ца дийцинехь, хьайна зуда ма леха. 28Делахь а ахьа зуда ялаяхь а – иза къилахь дац. ЙоІ маре яхар а къилахь дац. Амма цара кху дахарехь чІогІа баланаш хьоьгур бу. Ткъа суна цу баланех шу лардан лаьара. 29Динан вежарий! Аса хІара боху шуьга: хан кІезиг йисна, цундела хІинца дуьйна зударий балийнарш а, шайн зударий боцуш санна хила беза. 30Шух боьлхуш берш а ца боьлхуш санна хила беза. Хазахетар хилларш а хаза ца хетча санна хила беза. ХІума оьцурш а и эцнарг шайн долахь доцуш санна хила беза. 31Кху дуьненах дика схьаоьцурш, шу а иза совдерг доцуш санна, даха ца деза, хІунда аьлча тахана долуш долу дуьне дІадолуш ду. 32Суна-м шун цхьана а хІуманна тІехь гІайгІа ца хила лаьа. Зуда ялоза верг, Везачу Элан лаам кхочушбан лууш, Цунна дечу гІуллакхна гІайгІанехь ву. 33Ткъа зуда ерг дуьненан гІуллакхийн гІайгІанехь ву. Иза шен зудчун лаамаш кхочушбан гІерта. 34Цу тайпана цуьнан гІайгІанаш екъало. Маре яхаза ерг, Везачу Элан лаам кхочушбан гІерташ, Цунна гІайгІанехь хуьлу, шен дегІаца а, шен синца а Цунна тешаме хила лууш. Ткъа марехь йолу зуда кху дуьненан гІуллакхийн гІайгІанехь хуьлу, шен майрачун лаамаш муха кхочушбийр бара те бохуш. 35Аса и дерриг а шуна пайденна дуьйцу, шуна иза дехкархьама а доцуш. Мелхо а, суна лаьа, шун лелар оьзда хила а, Везачу Элана тешаме хила а, кхечу хІуманна тІе ойла ца йохуьйтуш. 36Нагахь ша захало дийцина йоІ цІахь йитар бегІийла ца хетахь, цуьнца хиларан лаам цуьнан сов боккха белахь, и захало хила мегар ду. Цу стаге и йоІстаг ялаяйта, иза къилахь дац. 37Амма нагахь цу стага ша захало дийцина йоІ ца яло шен дагахь кхин хийцалур боцучу тайпана сацам а бинехь, нагахь цхьаммо а и гІуллакх цунна тІедиллина а дацахь, нагахь цу тІехь цуьнан лаам а белахь, и сацам даггара а белахь, цо дийриг дика гІуллакх ду. 38Ша захало дийцина йоІ ялош волчо дийриг а дика хІума ду, ткъа иза ялош воцчо дийриг кхин а гІолехь ду. 39Марехь йолу зуда, шен майра дийна мел ву, бакъонашца йихкина ю. Нагахь майра веллехь, шена луъучуьнга маре яха магош ду цунна, амма и стаг Везачу Элан долахь хила веза. 40Кхин а дика ду, иза маре а ца йоьдуш Іийча. Иштта ю сан цунах йолу ойла, ткъа сайна чохь долчу Делан Сино со цунна тІе валаво аьлла хета суна.

will be added

X\