1 Коринтхошка 6

1Нагахь санна динан вешица шайн къовсам хилча, шух мила гІур вара, Делан нах а битина, Делан лаамехь боцучаьрга шайна кхел яйта? 2Шуна хууш дац ткъа, Делан наха йийр юйла дуьненна а кхел? Нагахь шуьга дуьненна а кхел йойтур йолуш хилча, шайн кІезиг долчу гІуллакхашна кхел ян говзалла яц те шун? 3Шуна ца хаьа, вай йийр юйла маликашна а кхел? ТІаккха дахаран гІуллакхашна тІехь еш йолу кхел-м муххале а вай йийр ю. 4Ткъа аша цу гІуллакхашна тІехь а динан тобанна юкъахь цхьа а ларам боцучу арахьарчу нахах шайн кхелахой бо! 5Шуна эхь хетийтархьама боху ас хІара: шайн динан вежаршна юкъахь болчу къийсамашна кхел ялур йолуш волу цхьа а хьекъале верг вац те шуна юкъахь? 6Делахь а вашас шен динан ваша а вуьгу кхел яйта. Иштта тешар доцучаьрга тешаш болчарна тІехь кхел йойту аша! 7Шуна шайна юкъахь къийсамаш хилар а кІорга эшар ду шуна. Нагахь шайна цхьа харцо йинехь а, Іад хІунда ца Іа шу? Шайна цхьа эшам хиллехь а, Іад хІунда ца Іа шу? 8Аша-м шаьш а йо кхечарна харцо, царна эшам а бо, уьш шайн динан вежарий боллушехь! 9Я шуна ца хаьа те, харцонаш йийраш Делан Олалле ца кхочийла? Іеха ма лолаш! Сийсаза лелачарах а, цІушна Іамал ечарах а, нахаца лелачарах а, вовшашца хьарам дерг лелочу божарех а, 10къола дечарах а, сутарачарах а, бехна лелачарах а, мотт беттачарах а, хьарамлончех а волу цхьа а Делан Олалле ца кхочу. 11Цу тайппана бара шух цхьаберш а. Амма Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан цІарца а, вайн Делан Синца а шу цІан а дина, даз а дина, бакъ а дина. 12Цхьаммо ала тарло: «Сан хІуъа а дан бакъо ю». Иза бакъ хила там бу, амма дерриг а дац хьуна пайдехь. «Сан хІуъа а дан бакъо ю». ХІаъ, амма цхьана а хІумане сайна тІехь олалла ца дойту аса. 13Цхьаммо ала тарло: «Яа хІума а – ген дуьхьа ю, ткъа ге а – яа хІуманна ду. Эххар а Дала иза а, важа а хІаллакдийр ду». Делахь а вайн дегІ вай сийсаздаха кхоьллина дац, иза Везачу Элан дуьхьа ду. Ткъа Везачу Эло вайн догІмаш Іалашдийр ду. 14Веллачуьра Веза Эла денвина а ца Іаш, Дала Шен ницкъаца вай а дендийр ду деллачуьра. 15Ткъа шуна ца хаьа, вайн догІмаш Дала леррина Къобалвинчун дегІан меженаш юйла? ТІаккха, Цуьнан меженаш схьа а яьхна, уьш сийсазйохур юй те ас? ХІан-хІа, иштаниг хуьлийла а дац! 16Я шуна ца хаьа те, шаьш нахаца леллачу зудчух дІакхетча, шайн цуьнца цхьа дегІ хуьлийла. ХІунда аьлча аьлла ма ду: «ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду». 17Ткъа Делах дІауьйш волчун Цуьнца цхьаьна долу цхьа са а хуьлу. 18Ларлолаш сийсаздовларх! Адамо латош долу муьлхха а кхидолу къа дегІах лета къа дац. Ткъа сийсаза лелачо шен дегІана къилахь долу хІума до. 19Я шуна ца хаьа те, шайн догІмаш шуна чохь долчу а, Дала делла долчу а Делан Синан цІа дуйла? Шу шайн долахь ма дац! 20ХІунда аьлча, беза мах а белла, эцна ду шу. Цундела шайн догІмашца Делан сий делаш!

will be added

X\