1 Коринтхошка 5

1Шуна юкъахь, билггал бакъ а долуш, нахаца лелар юкъадаьлла хилар хезна тхуна. Ур-атталла дин доцучу нахана юкъахь а иштаниг ца хуьлучу тайпана хІума ду иза. Шуна юкъара волу цхьа хьенех шен дестечуьнца лелаш ву боху. 2Ткъа шу дозалла деш ду! Цул а гІолехь дара шуна, гІайгІанах дуьзна хилар а, цу тайпана лелаш верг шайна юкъара дІаваьккхина хилар а. 3Со дегІаца шу долчохь вацахь а, сайн синца шу долчохь волу дела, аса шуьца волуш санна кхел йина цу тайпана сийсаза лелаш волчунна. 4Веза Эла волчу Іийсан дуьхьа шу цхьаьна гулделлачу хенахь, сан са а хир ду шуьца, тІаккха вайн Веза Эла волчу Іийсан олаллица 5цу тайпана верг иблисан кара дІало, цуьнан синан лаамаш хІаллак а байтина, Везачу Элан дийнахь цуьнан са кІелхьардалийтархьама. 6Аша дозалла дан хІумма а дац. Шуна хууш дац ткъа: «КІеззиг болчу муьстачу бедо берриг а бод совсабо»? 7Шаьш а керла бод санна хилархьама, ширбелла болу муьста бод дІабаккха. ХІунда аьлча шу Іийсах тешаш долу дела, совсоза дина бепиг санна ду. Ткъа Дала леррина Къобалвинарг Пасахьан Іахар санна сагІина дІавелла. 8Цундела вай вешан Пасахьан дезде даздан деза мекарлонца а, зуламца а доьзна долчу, ширбеллачу муьстачу бедаца а доцуш, ткъа догцІена хиларца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а доьзна долчу совсоза динчу баьпкаца. 9Аса сайн кехата тІехь, сийсаза лелачаьрца тІекаре ма хила аьлла, яздинера шуьга. 10Дера суна-м ца лиънера ала, кху дуьненахь сийсаза лелаш мел болчаьрца а, сутаралла мел йолчаьрца а, хьарамло мел лелош болчаьрца а, цІушна Іамал еш болчаьрца а тІекаре ма е. ТІаккха-м хІара дуьне дита дезар дара аша. 11Ткъа аса шуьга яздинарг хІара дара: ша шун динан ваша ву а бохуш, амма я сийсаза лелаш, я сутара волуш, я цІушна Іамал еш, я мотт бетташ, я вехна лелаш, я хьарамло лелош иза велахь, шун цуьнца тІекаре хила ца еза бохург. Ишттачу стагаца ур-атталла пхьор а ма даа. 12- 13ХІунда аьлча сан хІун гІуллакх ду динан тобанан юкъа ца богІу нах бехке бан? Царна Дала Ша йийр ю кхел. Амма динан тобанна юкъавогІург бехке озо ца веза ткъа аша? Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Телхина леларг шайна юкъара дІаваккха».

will be added

X\