1 Коринтхошка 4

1Иштта, Дала, тхох теша а тешна, Шен къайле йолу, билггал бакъдерш караделла болу Дала леррина Къобалвинчун гІуллакх дийраш санна тІеэца деза тхо хІораммо а. 2Ткъа, шех теша а тешна, и гІуллакх каракхаьчнарг муьлхха а тешаме хилла каро веза. 3Сан кІезиг бала бу я аша, я кхечу адамаша суна кхел ярца. Аса-м айса а ца йо сайна кхел. 4Сан дог цІена делахь а, и бахьанехь со бехказа ца волу. Веза Эла Ша хир ма ву сан Кхелахо. 5Цундела хенал хьалха, Веза Эла схьаваллалц, цхьанна а кхел ма елаш. Цо серладоккхур ду боданехь къайладаьлларг, деган Іалашонаш а гучуйохур ю. ТІаккха Дала хІоранна а хастам дІалур бу. 6Динан вежарий! Шуна диканиг хилийтархьама, оцу массо а хІуманна тІехь аса со а, Апа-Леса а валийра масална, оцу масалшца шу кхеторхьама «Яздинчунна тІера довла мегар дац» бохучух а, вовшашна юкъахь цхьаммо вукхунна хьалха дозаллаш дан ца дезарх а. 7Хьан боху хьо кхечарал гІоле ву? Хьан хІун ду, хьайна делларг доцург? Ткъа хьайна и дерриг а делла хилча, хІунда йо ахьа кураллаш, иза хьайна делла долу совгІат доцуш санна? 8ХІинца-м шайна оьшург долуш ду моьтту шуна шайн. ХІинца-м шаьш хьал долуш а хета шуна. Тхо ца хиллехь а, шайх паччахьаш хилла моьтту шуна. Суна-м лаьара, хІинцале а шу билггал паччахьаш хилла хилар, тІаккха тхан а шуьца цхьаьна паччахьалла дойла хир дара! 9Векалш долу тхо, Дала уггаре а лараме йоцучу метте дІахІиттийна аьлла хета суна. Массарна а хьалха хІаллакьхиларна кхел йинарш санна ду тхо. Кху дерриге а дуьненна хьалха тхох кхардам хилла – маликашна а, адамашна а хьалха. 10Тхо сонтанаш санна хилла Дала леррина Къобалвинчун дуьхьа, ткъа шаьш Цуьнца оццул хьекъале ду моьтту шуна! Тхо гІорасиза, ткъа шу ницкъ болуш хета. Шун сий до, ткъа тхо сийсаздоху. 11Оха-м тахханалц а лов мацалла а, хьогалла а, тІехь хІума цахилар а, тхайна еттар а, даха хІусам цахилар а. 12Оха тхешан куьйгашца къахьоьгу. Тхох лаьцна наха вониг дийцича, оха декъалбо уьш. Тхаьш лелхийча, иза а лов оха. 13Наха тхо сийсаздаьхча а, оха царах лаьцна диканиг доьху. Тхо, кху дуьненна сов а девлла, нехаш санна ду. Тахана а ченан мехах хета тхо массарна а. 14Шу сийсаздахархьама ца дуьйцу ас хІара, амма сайна дезаш долчу берашна санна хьоьху ас шуна. 15ХІунда аьлча Дала леррина Къобалвинчуьнца долчу дахарехь шун итт эзар верас велахь а, шу цу дахаре даьхна болу дай дукха бац шун. Ткъа хаза кхаъ шуьга кхайкхорехула Дала леррина Къобалвинчуьнца шун да хилла сох. 16Цундела ас доьху шуьга: сох масал а эций, хилийша сох тера. 17И дерриге а бахьанехь ваийтинера аса шу долчу Тимапи. Везачу Элах долчу тешаре хьаьжжина, сан хьоме а, тешаме а кІант ву иза. Цо дагадоуьйтур ду шуна Дала леррина къобалвинчу Іийсаца долу со лела некъаш муха ду а, аса цу некъах лаьцна массанхьа а, хІорра динан тобанехь а муха хьоьху а. 18Со шу долчу вогІур вац моттарна, шуна юкъара цхьаболчарна даг чу куралла тесна. 19Амма Везачу Элан лаам белахь, со кестта вогІур ву шу долчу. ТІаккха аса, курабевллачеран хазачу дешнашка а ца хьоьжуш, церан ницкъ зуьйр бу. 20ХІунда аьлча Делан Олалла хазачу дешнех доьзна дац, амма ницкъах доьзна ду. 21Шуна хІун лаьа? Со гІожаца я безамца а, эсалчу амалца а вогІийла лаьий шаьш долчу?

will be added

X\