IBT
Audio:
Drama
  • Drama
  • Non-Drama
Text Size

1 Коринтхошка 2 - Chechen - 2007 Edition - Bible.is - CHEIBT

  1  Динан вежарий! Шу долчу веанчу хенахь, Делан къайленах лаьцна сайн хьекъалца а, Іилманчин къамелашца а дийца ца веанера со,   2  хІунда аьлча со шуьца волчу ханна суна кхин цхьа хІума а шуна довзийта ца лиънера, Дала леррина къобалвинчу Іийсах а, Цуьнан жІара тІехь валарх а лаьцнарг доцург.   3  Сайн дегІан эгІазаллица а, кхерамца а, чІогІа вегаварца а Іийра со шу долчохь.   4  Айса аьлла долу дешнаш а, бина болу хьехам а ца бинера аса адаман хьекъалаллин говзачу дешнашца шу тешорхьама, амма Делан Синан ницкъах долчу тоьшаллашца бинера.   5  И хьехам ас бинера, шун Іийсах долу тешар адамийн хьекъалаллица доьзна а доцуш, амма Делан ницкъаца доьзна хилийтархьама.   6  Тешарна тІехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац.   7  Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла – Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хІара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла.   8  И хьекъалалла кху дуьненахь олалла деш хилла болчех цхьанна а девзина дацара, хІунда аьлча шайна иза девзина хиллехьара, цара вайн сийлаллин Веза Эла жІарах дІатухур вацара.   9  Амма Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара: «Дала Ша везначарна кечдинарг бІаьргана а ца гина, лергана а ца хезна, адамна дага а ца деана».   10  Ткъа вайна Дала Шен Синца дІадиллина иза, хІунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кІоргенаш а.   11  Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен.   12  Вай тІеэцнарг кху дуьненахь болчийн кхетамехь долу са дац, ткъа Делера схьадолу Са ду, Дала Шегара делларг вайна довзийтархьама.   13  Оцу дерригенах а лаьцна, вайн адамийн хьекъало луш долчу дешнашца а доцуш, Делан Сино хьоьхучу дешнашца дуьйцу. Синца доьзначу хІуманех Синах буьзна берш кхетабо вай.   14  Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хІуманаш тІе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гІоьнца бен уьш къаста ца ло дела.   15  Делан Синца волчунна массо а хІуманан мах хадо хаьа. Ткъа цу стеган мах хадо цхьана а адаман йиш яц.   16  ХІунда аьлча Делан Йозанашкахь яздина ма ду: «Везачу Элан хьекъал довза мила кхаьчна? Цуьнга хьехам бан йиш йолуш мила хир ву?» Ткъа вайн Дала леррина Къобалвинчун хьекъал ду.