1 Коринтхошка 15

1ХІинца, динан вежарий, айса хьехна болу хаза кхаъ шуна дагабаийта лаьа суна. Шу, иза тІе а эцна, цу тІехь дІахІиттира. 2Цу хазачу кхоэхула шу а кІелхьардохуш ду, нагахь аса кхайкхийна кхаъ ма-бохху аша ларбахь. Иза кхечу тайпана хилча, шу цунах эрна тешнера. 3ХІунда аьлча аса тІеэцна болу а, шуна дІабелла болу а уггар коьрта хьехам иштта бу: Делан Йозанаша ма-аллара, Дала леррина Къобалвинарг вайн къиношна тІера велла. 4Иза дІа а воьллира, ткъа кхозлагІчу дийнахь, Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара, ден а вира. 5Цул тІаьхьа Иза, Кипина а, тІаккха шийтта векална а хьалха веана, дІахІоьттира. 6Цул тІаьхьа Иза цхьана хеннахь пхеа бІеннал сов болчу динан вежаршна хьалха дІахІоьттира. Царах дукхахберш хІинца а дийна бу, ткъа цхьаберш дІа а кхелхина. 7ТІаккха Иза, Якъубана хьалха а веана, дІахІоьттира. Цул тІаьхьа, массо а векалшна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. 8Уггар а тІаьхьа, хеназа дуьнен чу даьлла бер санна волчу суна хьалха а веана, дІахІоьттира Иза. 9Ткъа векалех уггаре а кІезигниг волу со-м векал ву ала хьакъ долуш а вац, хІунда аьлча Делан долахь йолу, ерриге а Іийсах тешначийн тоба хІаллакьян тІаьхьаваьлла леллера со. 10Амма Делан дика бахьанехь хІинца со волуш верг хилла сох. Ткъа суна лерина Цуьнан дика а эрна ца хилла. Аса цара массара а хьегначул сов къахьегна. (Бакъду, иза аса ца динера, соьца долчу Делан дикано динера.) 11Иштта, иза я со велахь а, я важа векалш белахь а, оха массара а шуна хьоьхург цхьаъ ду, ткъа шу цунах теша а тешна. 12Нагахь оха, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвина бохуш, хьехамаш беш хилча, шух цхьаболчара муха олу веллачуьра денвалар ца хуьлу? 13Веллачуьра денвалар хуьлуш ца хилча, Дала леррина Къобалвинарг а ма ца хуьлу веллачуьра денвина? 14Дала леррина Къобалвинарг денвина ца хилча, тхан хьехамаш а эрна хуьлу, шун тешар а хуьлу эрна. 15Цул сов, оха Делах лаьцна харцтоьшаллаш деш хилар гучудер дара. ХІунда аьлча оха Делах лаьцна тоьшалла дира, Ша леррина Къобалвинарг Цо веллачуьра денвина аьлла. Амма нагахь санна белларш денбийр бацахьара, Цо Иза веллачуьра денван ца тарлора. 16Нагахь белларш денбеш ца хилча, тІаккха Дала леррина Къобалвинарг а денвина ца хуьлу. 17Ткъа нагахь Дала леррина Къобалвинарг денвина вацахьара, шун тешар а эрна хир дара, шу а шайн къиношлахь хир дара. 18ТІаккха, Дала леррина Къобалвинчуьнца а болуш, белларш а ма хуьлу хІаллак? 19Нагахь Дала леррина Къобалвинчух долу вайн тешар вай кху дуьнен чохь дехаш долччу ханна бен дацахьара, массо а адамал уггаре а декъаза адамаш хир дара вай. 20Делахь а, беллачарна юкъара болу дуьххьарлера стом санна, Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра ден ма вина. 21Валар адамехула деана долу дела, веллачуьра денвалар а хуьлу адамехула. 22Дерриг а адам, Адамца доьзна хиларна, лийриг хиларе терра, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна хиларна дерриг а адам дендийр ду. 23Амма хІораннан а шен-шен рагІ хир ю. Дала леррина Къобалвинарг денбинчарах дуьххьарлераниг ву. ТІаккха Иза схьавеача, Цуьнан долахь берш а денбийр бу. 24Цул тІаьхьа, Дала леррина Къобалвинчо стигалара массо а куьйгалхой а, ницкъаш а, олахой а хІаллак а бина, Да волчу Деле паччахьалла дІаделча, дуьненан чаккхе хир ю. 25ХІунда аьлча Цо паччахьалла дан дезар ду, Дала леррина Къобалвинчун массо а мостагІий Дала Цуьнан когашка охьабахккалц. 26Ткъа валар уггаре а тІаьххьара мостагІа санна хІаллакдийр ду. 27ХІунда аьлча, Делан Йозанаша ма-бохху, «Цо массо а хІума Цуьнан когашка охьадиллина». Ткъа вай-м кхета «массо а хІума» Цуьнан когашка охьадиллина бохург, Дела воцург, массо а хІума дуйла. 28Массо а хІума Дала леррина Къобалвинчун дола дІаделча, КІанта Ша а дІалур ву Делан дола, Шен кара дерриг а делла волу Дела массанхьа а массо а хІуманна тІехь Олахо хилийтархьама. 29Иштта, белларш денлуш ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих чекхдохуьйтучара дийриг хІун ду? Нагахь белларш баккъалла а денбийрг ца хилча, беллачеран дуьхьа шаьш хих стенна чекхбохуьйту цара? 30Вай а хІора сахьтехь ваьш кхерамечу хьола хІунда хІуьттуьйту? 31Ва динан вежарий! Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсаца шу хиларна, сайн долчу дозаллица чІагІо йо ас, со хІора дийнахь леш ву аьлла. 32Нагахь Эпасехь со адамийн сатийсарца бен «акхаройх» таса ца велча, суна хІун пайда хир бара? Нагахь беллачийн денбар хуьлуш ца хилча, тІаккха: «Юушший, молушший Іей вай, кхана вай лийр долу дела!» 33Ма Іехалолаш, вежарий! «Вочу накъосто дика амал талхайо». 34Шаьш хила ма-дезза метта а дуьйлий, къинош леточуьра совца. Ткъа шуна эхь хетийта эр ду ас: шух цхьаболчарна Дела вовза а ца вевза. 35Цхьаммо хатта тарло: «Белларш муха денбо? Церан дегІ муха хир ду?» – аьлла. 36ХІай сонтаниг! Ахьа дІадийна хІу дендийр ма дац, иза цкъа ша делча бен. 37Ахьа лаьттах хІу дІадоьчу хенахь, ялтин хиндолчу куьцехь дІа ма ца доь ялта. Амма дерзина тІедолу хІу дІадоь ахьа, иза муьлхха делахь а, я кІен, я кхечу ялтин. 38ТІаккха оцу хІух хиндерг, Шена хеттачу куьцехь, Дала Ша кхуллу. Цо хІора а хІуьнан цуьнан шен бен доцу куц кхуллу. 39ХІора шена чохь са долчу хІуманан дегІ тайп-тайпана ду. Адамийн дегІ шатайпана ду. Дийнатийн дегІ кхечу тайпана ду. ЧІерийн а, олхазарийн а церан шайн бен доцу дегІ ду. 40Иштта стигалшкахь а, лаьттахь а шатайпана догІмаш хуьлу. Амма стигалшкарчу догІмийн хазалла шатайпана ю, ткъа лаьттарчу догІмийн хазалла кхечу тайпана ю. 41Малхан шен хазалла ю, ткъа беттан, седарчийн хазалла шатайпана ю. Седарчий а шен-шен хазаллица вовшех къастало. 42Иштта белларш а хуьлу, уьш денбелча. Лаьттах дІадийна долу дегІ телхина дІадолу, ткъа дендийр долу дегІ телхар дац. 43Лаьттах а дохуьйтуш, дІадоьчу хенахь дегІ сийсаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза хазаллех дуьзна хир ду. ДІадоьчу хенахь дегІ эгІаза хуьлу, ткъа дендечу хенахь иза ницкъ болуш хир ду. 44Кху дуьненахь денделла дегІ дІадуьйш ду, ткъа вукху дуьненна лерина долу дегІ дендийр ду. Нагахь кху дуьненна лерина долу дегІ хилча, вукху дуьненна долу дегІ а хуьлу. 45Делан Йозанаш тІехь аьлла ма ду: «Дуьххьарлера адам хилла волу Адам, чу са а дуьллуш, денвелира». Ткъа тІаьххьара волу Адам адамаш дендо са ду. 46Кху дуьнен чу дуьххьара деанарг дендийриг дац. Мелхо а, кху дуьненахь денделларг цкъа хьалха деана ду, ткъа цул тІаьхьа дендийриг деара. 47Дуьххьарлера адам, поппарх дина а долуш, кху дуьненара ду. ШолгІа адам стигалшкара ду. 48Кху дуьненара массо а адам лаьттарчу поппарх дина адам санна ду. Амма стигалшна билгалдаьккхина массо а адам Стигалшкарниг санна ду. 49Лаьттарчу поппарх вина волчун вастехь вай ма-хиллара, стигалшкарчун вастехь а хир ду вай. 50Динан вежарий! Аса хІара эр ду шуьга: шайна чохь дилха а, цІий а долуш долу вайн догІмаш Делан Олалле кхача йиш яц. Ткъа иштта телхина дІадолург телхар доцучуьнга кхача йиш яц. 51ЛадогІалаш, къайлаха долу цхьа бакъдерг довзуьйту ас шуна: вай дерриш а лийр дац, амма вай дерриш а хуьйцур ду. 52Иза хир ду цІеххьана, бІаьрган негІар а тохале, турбано тІаьххьара зурма лекхча. Турбано зурма ма-леккхи, белларш телхар боцучу тайпана ден а бийр бу, ткъа вай хуьйцур а ду. 53ХІара телхар долу дегІ телхар доцучу тайпана хила дезар ду. Ткъа лен долу дегІ, цкъа а лийр доцуш хилла, дІахІотта дезар ду. 54ТІаккха хІара телхар долу дегІ телхар доцучу тайпана а хилча, ткъа хІара лен долу дегІ цкъа а лийр доцуш дІа а хІоьттича, кхочушхир ду Делан Йозанаш тІехь яздинарг: «Іожалла дІа а кхаьллина, толам баьккхина». 55«Іожалла, мичахь бу хьан толам? Мичахь ю, Іожалла, хьан ю?» 56Іожаллин ю къино ло. Ткъа къинан ницкъ товрат-хьехамашкахь бу. 57Хастам бу Дала леррина къобалвинчу вайн Веза Эла волчу Іийсагахула вайна толам лучу Далла! 58Сан хьоме динан вежарий! ЧІагІлой а хилалаш, меттах ца довлуш а латталаш. Шаьш Везачу Элана лерина деш долчу гІуллакхех дуьззина хилалаш, хІунда аьлча шуна хаьа, шаьш Везачу Элаца доьзна долу дела, аша мел деш долу гІуллакх эрна довр доцийла.

will be added

X\