1 Коринтхошка 13

1Нагахь санна аса адамийн я маликийн меттанашкахь къамел деш делахь а, амма сан безам бацахь, со зевне зурма я бекаш болу горгали санна хуьлу. 2Нагахь санна Делера болу хаамаш баран похІма сан делахь а, ерриге а къайленаш суна евзаш елахь а, мел болу кхетам сан белахь а, лаьмнаш а меттахдаххал тешар сан делахь а, амма сан безам бацахь, со хІумма а вац. 3Нагахь санна аса сайн берриг а бахам дІабекъахь а, ур-атталла сайн дегІ ас дагадайтахь а, амма сан безам бацахь, суна цунах цхьа а пайда ца хуьлу. 4Безам собаре а, дика а хуьлу. Безамца хьагІ а ца хуьлу. Безамо дозалла а ца до, иза кура а ца хуьлу. 5Безамо лело ца дезарг ца леладо, шена пайден дерг ца лоьху, атта оьгІаз ца оьху, шена дина вон дагар ца до. 6Безам харцдолчух боккха ца боь, ткъа цунна бакъдерг хазахета. 7Безамо доллу хІума а ловш хуьлу, массо а хенахь цуьнца тешар а хуьлу, гуттара а цуьнца сатийсар а хуьлу, массо а хенахь цуьнца садеттар а хуьлу. 8Безам цкъа а хедар бац. Делера болчу хаамех аьлча, уьш кхачор бу. Синера долчу меттанех аьлча, уьш совцор ду. Дала беллачу кхетамах аьлча, иза дІабоккхур бу. 9ХІунда аьлча вайн кхетам кхоччуш болчу барамехь ца хуьлу, ткъа Делера болу хаамаш кхоччуш буьззина ца хуьлу. 10Ткъа кхачамалла йолу хан еача, кхоччуш болчу барамехь цахилларг дІадоккхур ду. 11Со жима бер долчу хенахь, аса жимачу беро санна дийца а дуьйцура, ойланаш а йора. Жимачу беран санна кхетам а бара сан. Ткъа хІинца со стаг а хилла дІахІоьттича, берийн хІуманаш дитина аса. 12Цкъа хІинца-м вайна дерриге а гІийла гойтуш долчу куьзганехула санна го. Ткъа цу хенахь юьхь-дуьхьал гур ду вайна. Цкъа хІинца-м сан кхетам кхоччуш бац, ткъа цу хенахь сан кхоччуш довзар хир ду, со Далла вевзаш ма-хиллара. 13Цкъа хІинца долуш дерг хІара кхоъ ду: тешар, сатийсар, безам. Ткъа безам царах уггаре а лакхара бу.

will be added

X\