1 Коринтхошка 12

1Ткъа хІинца, динан вежарий, Делан Сино луш долчарах лаьцна эр ду ас. Суна ца лаьа, царах лаьцна дерг шуна ца хууш дуьсийла. 2Шуна хаьа, шу Делах ца тешаш хиллачу хенахь, мотт ца хуучу цІуша, шайгахьа а дерзош, тилийна лелийнийла. 3Цундела аса шуьга боху, Делан Синехула ша бохуш волчу цхьаьнгге а алалур дац: «НеІалт хуьлийла Іийсана». Иштта Делан Синехула олучуьнга бен, цхьаьнгге а алалур дац: «Іийса – Веза Эла ву». 4ПохІманаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш лург – цхьа Са ду. 5ГІуллакхаш тайп-тайпана ду, ткъа уьш дойтург – цхьа Веза Эла ву. 6Ницкъаш тайп-тайпана бу, ткъа дерриг а массарна а чохь дийриг – цхьа Дела ву. 7Амма Делан Са гучудаккхар хІоранна а луш ду, массарна а диканна хилийта. 8Цхьанна хьекъал долу дош ло Делан Синехула, ткъа оццу Синехула вукхунна кхетаман дош ло. 9Кхечунна оццу Синехула тешар ло. Ткъа кхин а цхьанна цу Сино адамаш тодан похІма ло. 10Вукхунна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похІма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похІма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло. 11Ткъа и дерриг а оццу цхьана Делан Сино деш ду. Шена дала деза аьлла хеттачунна, схьа а хоржий, ло Цо уьш. 12Адаман дегІ масех меженах лаьтташехь, иза цхьа дегІ хиларе терра, иштта Дала леррина Къобалвинарг цхьаъ хуьлу, Цуьнан дегІ масех меженах лаьтташехь. 13ХІунда аьлча вайх хІора а цхьана Делан Синах вуьзна вара, вайх массарах а цхьа дегІ хилийтархьама. Вай жуьгтий я кхечу къаьмнех делахь а, леш я паргІат адамаш делахь а, вайга хІоранга а цхьана Синах малийтина дара. 14Адамийн дегІ, цхьана меженах хилла а ца Іаш, дуккха а йолчу меженех вовшахтоьхна ду. 15Нагахь кого: «Со-м бац дегІах, со куьг доцу дела», – алахь а, хІетте а оцу дегІан меже ца хилча ма ца болу иза. 16Ткъа лерго: «Со бІаьрг боцу дела, со-м дац оцу дегІах», – аьлча а, оцу дегІан меже ца хилча долий иза? 17Нагахь дерриг а дегІ беккъа бІаьргех дина делахьара, муха хир дара цуьнан хазар? Ткъа дегІ деккъа лергех дина делахьара, муха йогІур яра хьожа? 18Амма Дала дегІан массо а меже Шена хила еза аьлла хеттачу меттехь дІанисйина. 19Нагахь дегІ еккъа цхьана меженах дина делахьара, тІаккха дегІ муха хир дара? 20Ма-дарра аьлча, дегІан меженаш дуккха а ю, ткъа дегІ – цхьаъ ду. 21БІаьрган а олийла дац куьйге: «Хьо суна ца оьшу». Я коьрто а когашка олийла дац: «Суна шу ца оьшу». 22Мелхо а, адамна эгІаза хеташ йолу дегІан меженаш уггаре а оьшуш хуьлу. 23Оцу кІезиг хеташ йолчу дегІан меженийн вай чІогІа ларам бо. Вешан бехке йолу меттигаш вай, эхь-бехк а хетий, дІахьулйо. 24Ткъа важа йолу меженаш дІахьулъян а ца оьшу. Амма Дала шатайпа вовшахтесна дегІан меженаш, сий дан оьшучу меженийн алссам сий а деш. 25Иза ду, дегІана чохь къастамаш ца байтархьама. Мелхо а, дегІан меженаша вовшийн цхьатерра гІайгІа бан беза. 26Нагахь дегІан цхьана декъан лазам хилча, дерриг а дегІан а лазам хуьлу. Нагахь дегІан меженех цхьана меженна хастам бахь, вукхеран а цуьнца цхьаьна самукъадолу. 27Цу тайппана, шу Дала леррина Къобалвинчун дегІ ду, ткъа шух хІора а цу дегІан меже ю. 28Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагІнаш динан хьехамчаш бина дІахІиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похІма делла. Иштта уллорачарна гІо дан похІма а, урхаллин похІма а, тамашийна мотт бийцаран похІма а делла Цо. 29Массо а буй те векалш? Берриш а буй те пайхамарш? Массо а хуьлий те хьехархой? Я массарах а хуьлий те тамашийна гІуллакхаш дийраш? 30Массеран ду ткъа адамаш тодаран похІма? Массара а дуьйций те Делан Синерачу тамашийначу меттанашкахь? Массеран дуй ткъа и меттанаш гочдаран похІма а? 31Оцу похІманел а сов долчу похІманашна тІекхийда шу. Ткъа аса оцу дерригенал а лакхара болу некъ гойтур бу шуна.

will be added

X\