1 Коринтхошка 1

1Делан лаамца Дала леррина къобалвинчу Іийсан векал хила тІекхайкхийнчу ПахІала а, вайн динан вашас Состанама а яздо хІара кехат. 2ХІара кехат оха яздо Коринт-гІаларчу Делан динан тобане. Дала леррина къобалвинчу Іийсаца уьйр хиларна, Дала даздинарш ду шу. Иштта, Делан долахь хила къастийнарш а ду шу, ткъа шуьца цхьаьна массанхьа а тхан Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсага кхойкхурш а иштта тІекхайкхина бу. Тхан Веза Эла хилла а ца Іаш, Іийса церан а Веза Эла ву. 3Вайн Да волчу Делера а, Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а Делан дика а, синпаргІато а хуьлийла шуна. 4Ша леррина къобалвинчу Іийсагахула Дала шуна делла дика бахьана долуш, шуна тІера ас даим а баркаллаш боху сайн Далла. 5ХІунда аьлча Цуьнгахула хилла шу массо а агІор хьал долуш – аша мел олучу дашца а, шун мел болчу кхетамца а. 6Дала леррина Къобалвинчух лаьцна шуна дина тоьшалла шун дахарехь чІагІдаларе терра, 7Делан Синера долчу совгІаташкахь кхин цхьана а тайпана тоам боцуш дац шу, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса гучувоккхучу дийне ладоьгІуш шу хиларна. 8ТІаьххьара де тІекхаччалц Цо шу тешарехь чІагІдийр ду, вайн Веза Эла волу, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волчу дийнахь шу ала хІума доцуш цІена хилийтархьама. 9Шен КІантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца, уьйр хила шу тІекхайкхина волу Дела тешаме ву. 10Вайн Веза Эла волчу, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дуьхьа ас чІогІа доьху шуьга, динан вежарий, аша массара а цхьаъ дийцар, шайна юкъахь декъадаларш ца хилийтархьама. Шайн хьекъалшкахь а, ойланашкахь а кхоччуш цхьаъ хуьлда шу. 11ХІунда аьлча Халайн цІерачаьргахула суна хааделла, сан динан вежарий, шуна юкъахь къийсамаш хилар. 12Со ала гІертарг хІара ду: шуна юкъахь олу: «Со – ПахІалехьа ву», «Со – Апа-Лесехьа ву», «Со – Кипехьа ву», «Со – Іийсагахьа ву». 13Ткъа Дала леррина Къобалвинарг векъавелирий те? ПахІал дІатоьхнерий те шун дуьхьа жІарах? Я ПахІалан дола довлархьама чекхдахийтира те аша шаьш хих? 14Аса Далла хастамаш бо, Крисп а, Гаяс а воцург, шух цхьа а айса хих чекх ца ваккхарна. 15Цу тайпана, шух цхьаннан а дац ша сан дола валархьама хих чекхваккхийтина олийла. 16(Иштта Сетипанан цІеранаш а хих чекхбаьхна ас. Ткъа айса кхин цхьа а хих чекхваккхар суна дага ца догІу.) 17Дала леррина Къобалвинчо нах хих чекхбаха вахийтина вацара со, ткъа хаза кхаъ кхайкхо вахийтинера. Ткъа адамашна хьалха хьекъалечу дешнашца кхайкхо ца беза аса иза, Дала леррина Къобалвинчун жІарах дІатохар эрна ца хилийтархьама. 18ХІаллакьхуьлуш болчарна Іийса жІарах дІатохарх лаьцна болу хаам сонта бу. Ткъа кІелхьардохуш долчу тхуна – иза Делан ницкъ бу. 19Делан Йозанашкахь аьлла ду: «Аса хІаллакдийр ду хьекъалчийн хьекъалалла, кхетам болчийн кхетам а талхор бу аса». 20Ткъа мичахь ву кху заманара хьекъал дерг, Іилманча, хьекъале къийсамаш бийриг? Ткъа кху дуьненахь бехачийн хьекъалаллах ца йина Дала сонталла? 21Шен хьекъалаллица Дала билгалдаьккхира дуьнен чуьра нахана церан хьекъалца Ша цавовзийтар. Мелхо а, Далла тамехь дара, оцу наха «сонта» бу бохучу, оха бечу хьехамашца Іийсах тешнарш кІелхьарбахар. 22Жуьгташа а доьху тамашийна билгалонаш гайтар, грекахоша а лоьху хьекъалалла, 23ткъа оха дІакхайкхабо кхаъ хІара бу: Дала леррина Къобалвинарг жІарах дІатоьхна хилла. И кхаъ жуьгташна Іесалла ю аьлла хета, кхечу къаьмнех болчарна иза «сонталла» ю аьлла хета, 24ткъа Дала тІекхайкхинчарна, уьш шаьш жуьгтех я грекахойх белахь а, цу кхоан маьІна ду, Дала леррина Къобалвинарг Делан ницкъ а, Делан хьекъалалла а хилар. 25ХІунда аьлча Делан «сонталла» адамийн хьекъалаллал а тоьлуш ю. Ткъа Делан «эгІазалла» адамийн нуьцкъалаллал а ницкъ болуш ю. 26Динан вежарий, дагаяийтийша Дала шу Шена тІекхайкхина хан. Адамийн хьесапехь дукха бацара шуна юкъахь хьекъалалла долуш берш. Дукха бацара шуна юкъахь нуьцкъалнаш а, дукха бацара хьалдолчийн тайпанех берш а. 27Амма Дала кху дуьненахь сонта хеташ долу хІуманаш къастийна хьекъалалла долчийн сий дайа, ткъа кху дуьненахь эгІаза хеташ долу хІуманаш къастийна ницкъболчеран сий дайа. 28Кху дуьненахь кІезиг хета хІуманаш а, сийсаза хета хІуманаш а къастийна Дала. Дуьненна уьш хІумма а доцу хІума хетташехь, Дала уьш къастийна, цаьргахула дуьненна ладам болу хІуманаш хІумма а доцург хилийтархьама. 29Цундела Далла хьалха цхьаьнгге а дозалла ца дало. 30Иза бахьана долуш ду шу Дала леррина къобалвинчу Іийсаца хилар! Цуьнгара хилла вайна Делера долу хьекъалалла. Цуьнгахула вай Далла хьалха бакъ а до, Дала вай даз а до, паргІат а доху. 31Цундела ма яздина Делан Йозанаш тІехь: «Ша дозалла дечо – Везачу Элах дозалла де».

will be added

X\